Ненан мотт

24.02.2022

Теркана муниципальни кӀоштан Горагорски юьртан "Ласточка" цӀе йолчу берийн бешахь дӀаяьхьира Ненан маттана лерина йолу мероприятеш. Мероприятеш юкъахь жигара дакъа лецира "Ягодка" тобан бераш. Кхиорхоша шайн къамелехь йовзийтира нохчийн меттанийн сийлалла, хазалла, оьздангалла. Цара дийцира нохчийн мотт хаарца доьзна хилар, къона тӀаьхье дайн ламасташца, къоман Ӏадаташ лардеш, гӀиллакх-оьдангаллица кхиор.